Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение «Ножай-Юртовский государственный техникум»

Урок "Трудовой доблести"

09.04.2021

Ерригроссийски «Къинхьегаман хьуьнаран урок»29-чу мартехь, Россин Федерацин дешаран учрежденешкахь массанхьа санна, Нажин-Юьртарчу пачхьалкхан техникуман дешархошна юкъахь д1аяьхьира еригроссийски «Къинхьегаман хьуьнаран урок». Российн Федерацехь массоаг1ор белхан стеган сий айдарца, совг1аташца, сийлахь ц1ерш тахкарца жигара белхало вазвеш долу ламаст юкъадаьлла 100 шо кхачарна лерина урок д1аяьхьира техникуман директоран г1оьнчас Абдуразакова Масраа.Советски а, Россин а халкъо мехкан экономика ойуш, б1е шарахь шаьш шайн ца кхоош, къинхьегаман фронтехь даьхна хьуьнарш дийцаре деш д1аяхара урок. Хьехархочо чулацаме хеттарш х1иттийра дешархошна хьалха: Х1унда хилла вайн пачхьалкхехь къинхьегаман (белхан) стеган лакхара мах хадош? Кийча дуй вай лаккхарчу корматаллин къинхьегамхой а хилла, къинхьегаман фронте д1ах1итта? Маца юкъадаьлла вайн пачхьалкхехь «Къинхьегаман турпалхо» ц1е тиллар? Хьанна кхачош хилла къинхьегаман турпалхочуьн ц1е? Кхин х1ун тайпанарчу орденашца, медалашца, иштта кхечу кепашца совг1аташ деш хилла къинхьегаман жигархошна вайн пачхьалкхехь? Муьлхачу шерашкахь юкъаяьхна уьш?Иштта дийцира урокехь Сийлахь Даймехкан т1ом д1абоьдучу халчу шерашкахь советски къинхьегамхоша балха т1ехь даьхна хьуьнарш а, шайн ц1ерашца бийцира оцу хенан белхан турпалхой а.Т1ом д1абирзинчул т1аьхьа советски халкъо пачхьалкх меттах1оттош белхан хьунарш гайтарна эзарнашкахь къинхьегамхошна «Къинхьегаман турпалхой» ц1ераш тахкар дийцаре дира. Иштта бовзийтира районехь къинхьегаман сийлаллин мог1аршкахь лаьттина белхалой а. Дийцира СССР йоьхначул т1аьхьа, х1инца а Россин Федерацехь «РФ-н Къинхьегаман Турпалхо» ц1е лелаш хилар а. Дуьненан кхечу пачхьалкхашкахь цхьаннахьа а, вайн пачхьалкхехь бен и дарж долуш совг1ат х1оттийна цахилар а.Урокехь хьехархочо шуьйра пайда ийцира технически г1ирсех (компъютерш, д1асайоькъучу материалех, суьртех). Иштта лаккхарчу т1ег1анехь д1аяьхьира хьехархочо «Къинхьегаман хьуьнаран урок».